Чолхечу хьолан раж кхайкхийна Нохчийчохь

Чолхечу хьолан раж къайкхийна Нохчийчуьрчу Грозненскан, Гуьмсан, Теркйистан, Шелковскан кIошташкахь цIоз даржарна.

Хууш ду, Ставрополан а, Дагестанан а дозанашкара кхаьчна хилар Нохчийчу и цIоз. Кеманашца а, лаьттахула лелочу техникаца а 16 гектар дийна латтанаш молханаш детташ кIелхьарадаьккхина регионерчу Iедало.