СадаIа Испане вахначу нохчочун керах италахо велла

Марсхьокху беттан 13-чохь Францера Страсбург гIалара Испанин туристаш оьхучу Лорет де Мар гIала садаIа бахначу Нохчийчуьра 20, 24, 26 шераш долчу кегийрхойн меттигерчу бахархошца латар хилла. Цу девнехь харцахьа кхетта валар хилла 22 шо долчу Николо Чиатти цIе йолчу жимчу стеган. ДарбанцIийне кхаьчначул тIаьхьа дIаваьлла иза.

Куьг бехке хиларна шеконехь верг Испанин полицино сацийна. Цуьнца цхьаьна хилла ши накъост Iедало мукъа а ваьккхина, Марсхьокху-беттан 15-чохь Страсбурге юхавирзина.

Даьллачу девнан бахьанаш Лорет де Мар гIалин полисхоша толлуш ду.