Къоладарна хан кхайкхийна кхело вахархочунна

Октябрск кIоштан кхело шина артиклца бехктакхаман гIуллакх айдина Энкашев Тамерланна дуьхьал, Муцаровна 3200 соьмана зен а деш, терминалчуьра ахча лачкъадарна. Ша динчунна къера а хилла, полици веана иза мукIарло дан. ГIуллакх толлучу полисхочунна ша набахте ца вохуьйту некъаш лахар доьхуш 50 эзар сом кхаъ бала гIортина Энкашев.

Кхело арахь яккха ши шо а, ялх бутт а хан кхайкхийна цунна.