Кадыровн таIзарх Гуьржийчу уьду бахархой

Шо карадеачхьана Гуьржийчоьне тховкIело ехна Оьрсийчоьнан 22 вахархочо, царех веанна бен кехаташ делла дац Iедало, яздо «Резонанси» портало, мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу урхаллан хаамех пайда а оьцуш.

Официалан статистикаца, тIаьххьарчу 5 шерачохь 177 Оьрсийчуьрчу вахархочо дехар дина, шайна гуьржийн пачхьалкхехь мухIажирийн статус йоьхуш, ткъа царех 35 бен Iедало жоп делла дац. Доккхачу декъанна, хуьлу и мухIажирш Къилбаседа Кавказан мехкашкара.

Гуьржийчоьнан эксперташа тидарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан репрессех бевддарш бу цаьрца.