Бозбунчалла лело гIортарна чувоьллина Нохчийчуьра Талламан комитетан хьаьким

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллан Соьлжан кIоштан талламан комитетан декъан куьйгалхочун когматетта Юсупов Iийса ву кхеле озийнарг. Иза лаьцнера стохка ГIадужу-баттахь 100 000 сом кхаъ эцна аьлла.

Старопромыслан кIоштан суьдо Юсупов бехке лаьрра, шен даржах пайда а эцна, боккхучу барамехь кхаъ эца дагахь бозбунчалла лело гIортарна. Цунна ши шо хан тоьхна колонехь дакхха.