Яндарбиев Зеламха. Нохчийчоь

Your browser doesn’t support HTML5

Яндарбиев Зеламха. Нохчийчоь

Яндарбиев Зеламха

Нохчийчоь

Боданца къийсина, буьйсанан кийрахь,

ЧIураман са кхачош, тергалде хьайна…

Дуьненна гуотаса гIерташ, некъ бина,

Беттан са кхачалуш, тергалде хьайна…

Лекхаллех даккхийдеш, къегина хилла,

Седарчий кхачалуш, тергалде хьайна…

Диканна, вонна а бендоцуш хилла,

Маьлхан де кхачалуш, тергалде хьайна…

Буьйсанах, дийнах чекх хьежийна, сирла,

БIаьргийн нур кхачалуш, тергалде хьайна…

Хьайга сатийсарна, тийна шен кийрахь,

Деган са кхачалуш, тергалде хьайна…