Яндарбиев Зеламха. Вигахьа, нана, со асара

Your browser doesn’t support HTML5

Яндарбиев Зеламха. Вигахьа, нана, со асара

Яндарбиев Зеламха

Вигахьа, нана, со асара

Хьайцане хIаьжкIашна асара

Вигахьа, нана, со кхин цкъа а...

Вигахьа, нана, со, вигахьа,

ГIаттавай Iуьйренан малхаца,

Массо а хаза гIан хададай,

Берзинчу когашца бацалахь

Iуьйренан тхи дожош, вигахьа,

Наб йогIу, бахарх, ма витахьа.

Ца оьшу хьуна куьг лаца а,

Хьайцанна нийса со ва ца лахь -

Дов дехьа, ма-дарра маццаха,

Боларна сан оьгIазяхача...

Нана, кхин цкъа мукъне вигахьа,

Бовхачу меттара гIаттавай,

Наб йогIу бахарх, ма витахьа.

Ас айсса ирйийр ю метиг а,

Де, дохлуш, делкъенга лестича,

ГIертар вац со лийча ваха а...

Вигахьа, нана, со асара,

Нана, со бералле вигахьа,

Чехавеш, тIаьхьа а хIоттавай...