Парламентан депутат вийна Нохчийчохь

Нохчийчохь вийна парламентан депутат Асхабов Мухмад, хаам бина Интерфакс агенталло, Къилбаседа Кавказан федералан гонан ницкъаллин структурерчу хьастана тIе а тевжаш.

Цобинчу хаамца, "Асхабов вийна муьлш бу ца хуучу наха машенчура герз тоьхна".

Официалан кепара и хаам тIечIагIбина бац.

Асхабов депутат хоьттина 2016-чу шарахь. Цул хьалха иза Кадыров Рамзанан хьехамча а, бахама а, латта а лелорехула министр а болх бина вара.