Австрерчу доьзало авари йина Ростовна уллохь

Шайн долахьчу машенахь Нохчийчуьра Австре юхаберза новкъабаьллачу доьзало авари йина Оьрсийчуьрчу Ростов ГIалана гена доцучехь. "Мазда" машенахь схьабогIуш хилла дех, ненах, кIантах а лаьтта доьзал.

Цкъачунна билгалдаьлла доцучу бахьанашца, церан машен новкъахь дуьхьал йогIучу тракторх кхетта.

Маршо Радионе Австрерчу диаспорера бинчу хаамца, шинари Iуьйранна долчу хьолаца машен чуьра зуда а, кIант а дера чевнаш хуьлуш лазийна, и шиъ реанимацехь ду. Машенан шопар иштта чIогIа лазийна вац, иза синкхетамчохь ву.