Москох лаьцна Джабраилов Iумар

Four Seasons отелехь герзаш диттина аьлла Москохарчу полицино лаьцна Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан векал лаьттина, «Аванти» ассоциаци кхоьллина Джабраилов Iумар. «Комменрсанто» баржийна и хаам. Официалан хьосташа и информаци бакъйина яц.

"Шинарин суьйранна полици хаам кхаьчнера, отелан низамаш ца лардеш, цхьаъ юхахьара лелаш ву аьлла. Оцу сохьта кхаьчначу полицино лецира, тховх герз детта стаг", - яздо газетано.

Бехктакхаман гIуллакх долийна Джабраилов Iумарна дуьхьал.