ДаIишхойн символика яржорна таIзарш дина Нохчийчохь

Террорхойн символан маьIна лору материалаш социалан машанехь яржийна меттигаш билгалбевлла ТIехьа-Мартанарчу прокуратурана.

ВКонтактерчу шайн агIонаштIехь Батышевс, Гайрхановс, Татаевс, Умаровс «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано пайдаоьцу символика оьллина хилла.

Административан гIуллакхаш дуьхьал а даьхна, гIуданаш тIеэгийна царна.

.