Москох буддисташна дуьхьал митинг хIоттийна

Москохарчу Мьянман векалтна хьалха гулбелла кIирандийнан делкъахенахь 500 гергга стаг, рохинджан бусулбанашна тIехь къизаллаш лелорна шаьш дуьхьал дуйла хоуьйтуш. «Кавказ.Реалии» порталан корреспонденто Москохара схьабина и хаам.

Iедалера даьккхина пурба а доцуш, митинг вовшахтоьхнашшехь, полисхоша дIасалохкуш бац протестхой. Векалтна уллохь лаьтташ ю полисхойх кхо автобус, къепе ларъеш некъан низамхой а, ницкъаллийн структурийн белхахой а бу.

Мьянман Iедалхошка шайн негативе позици йовзуьйтуш, наггахь «буддисташ-террорхой» олуш маьхьарий а детташ, дIалаьтташ бу гулбелларш, дийцина корреспонденто «Кавказ.Реалиига» . Юкъараллийн жигархоша дIасадохар доьху протестхошка, цхьана агIор провокаци а хилла, полицино дIабигарна кхоьруш.