"Ша цкъа а ца хиллачу кепара самукъане ю-кх Луиза!"

Дудуркаева Луиза шен деца Муслимца,2017

Your browser doesn’t support HTML5

"Ша цкъа а ца хиллачу кепара самукъане ю-кх Луиза!"

Ши бутт хьалха йоьду-юьту а доцуш, цIера дIаяхана Устрада-ГIаларчу ДудуркаевгIеран 22 шо долу йоI кху деношкахь Минскерчу аэропортехь шен дех-ненах дIакхетта.

Кху шина баттахь кеп-кепарчу зорбанаша тайп-тайпана дуьйцура йоIа арабаьккхинчу некъах.

Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанца уьйрашкахь хилла, царех дIакхета нигат дина хилла бохуш, вукхара «цIерачара ницкъбеш хилла», ден-ненан Iазапех едда олуш.

Шина баттахь де а, буьйса а доцуш, шайн чуьра доьзалхо вайна са бIарзделла лелачу ден-ненан дог-ойла ца кхоош, журналистийн этика а ца а ларъеш, зорбанаша муьлхха а тIечIагIбанза хаам Iорабоккхура, ша-ша дуьххьара хила лууш.

Ткъа и дерриге а гуш, доьшуш Iачу ден цхьа а шеко яцара, шен йоI кхи цкъа а маракъовлур яц-кх ша аьлла, иза лехамашкахь вара, муьлххачу а информацех ка-мIара а тосуш.

Маршо Радио денна бохург санна зIенехь яра цуьнца хIинццал схьа. Официалехь гIарабоккху цхьа а хаам бакъ а ца бора йоьIан дас.

Кху деношкахь бакъонашларъярхоша а, журналисташа а юха айдина, дийца даьккхина Минскехь эххар а тIаьхьакхиина, Белоруссин милицино гIо а деш, нуьцкъаша, бIаьрхишца дас цIа йигина йоI, бохуш.

Маршо Радионо телефон туьйхира Дудуркаева Луизин дега Муслиме.

Доккхачу хазахетарца шен йоI карийна, дог дуьзна карийра тхуна иза.

Амма са кхачийнера цуьнан журналисташа а, бакъонашларъярхоша а схьеттачачу телефонаша а, зорбанашкахь сийсош дийцаро а, «Луиза кхерамна кIел ю», «цунна орца оьшу», иза «саьрмикан багара яккха еза», бохучу кепехь.

Кийра буззош хIума яанза, къаьсттина кху деношкахь набаран тем хилаза новкъахь волчу Дудуркаев Муслима дийцира, Минскерчу аэропортехь Iедалан белхахой цхьаьна а болуш, шайн хиллачу цхьанакхетарх, дуьххьара Луиза гарх а, цуьнан цIаян хиллачу ойланех а.

Дудуркаева Луиза шен деца

​Дудуркаев: "Тхо вовшахкхеттачу ханахь тхуна гонах Беларуссин КГБ а яра, ницкъаллийн структурийн белхахой а бара, вуьшта нах а бара. Луиза ша цкъа чу а йигина, цуьнга барт-хаттам бира, хьайн лаамехь лелаш юй хьо, аьлла. Ю ша элира Луизас. Изза хIинца хьайн дега-нене ала, делахь, элира цара, хьо йоьду меттиг а буьйцуш, хIунда йоьду а хоуьйтуш. Айхьа арабаьккхина некъ бовзийта аьлла.

Шу а, Луиза а дуьхь-дуьхьал а ховшийна, къамел дийр ду вай цкъа юьстах девлла, совнах нах дукха бу кхузахь аьлла, охьаховшийра тхо дийцаршка. ТIаьххьара нанна пурба лахьара аьлла дехар дира оха, аш бехк ца биллахь тхайн маттахь дийр ду къамел, шу чохь а долуш аьлла. Тхуна пурба делира.

ЙоIаца къамел хиллачул тIаьхьа тхан барт хилира, арадевлла адвокаташна тIе а дахана, шуна баркалла, аш хIинццалц бинчу балхана, хIара гIуллакх иштта дерзо йиш ма яра, йоI цIера араяьлла кIира даьлча а, элира ас.

Ца тайнера царна сан къамел. Ша адвокат а ву бохуш, суна цхьа кехаташ эхьа волавелира иза. Ас хьо Оьрсийчохь ву адвокат, кхузахь кхечу пачхьалкхан дозанехь ду вай, цундела хьан бакъонаш кхузахь кхачош ю элира. Нагахь санна оха къепе йохош елахь ша ду, тIаккха хила мега шун тхоьга претензеш. Хьо реза воцург кехат тIехь охьаязде аьлча, оьгIазе араиккхира адвокат".

Муха ю Луизин дог-ойла, хийца-м ца елла хIара аьлла, хаьттира Маршо Радионо. Оцу хаттарна иштта жоп хазийра тхоьца къамелдинчу йоьIан дас Муслима.

Дудуркаев: "Луиза, суна схьахетарехь, хьалхалерачул а самукъане юй-те аьлла, хеташ ву со-м".

Ткъа хIун бахьана дара 22 шо долу зудабер цIийнах къахкаран, иза хьан нуьцкъаша йигинера аьлла хеттарш хIуттур ду хьеннан а ойланашкахь.

ЙоьIан дас дийцарехь, готтачу гурашка латтош хилла йоI еххачу хенахь социалан машанашкахула схьакхоьхьуьйтучу кхерамаша.

Луиза къаьсташ яра духаршца. Цуьнан даго тIеэцнера Iаьржачу басехь долу духарш. Оцу бахьанашца гот ю аьлла юкъараллехь тIе цIе а кхоьллинера цунна, инзаре хетара гонахарчарна йоьIан хатI.

Цо ца леладора коьртахь йовлакх а.

КIезиг бац Нохчийчохь йовлакхца а, хиджабашца а гергарло доцурш.

Ткъа социалан машанашкахь хьенан цIарах ю а хьулдина, болх бечу «Карфаген» цIе йолчу юкъаралло шен тептаре боху, царна хетарехь, «нохчийн хотIера девлла зудабераш».

Церан суьрташ даржадарал а совнах, кехаташ кхоьхьуьйту цара хIораннан а цIарах цхьана текстехь "Хьо сацо нах бац шун цIийнах" Оха ен а йина, цхьанхьа дIатаIор ю хьо", бохуш.

Иштта Дудуркаева Луизин сурт а дара, цунна кхерамаш туьйсуш, оцу «Карфаген» тобано даржош ВКонтакте олучу машанехь. ЙоIана саццанза кхерамаш кхоьхьуьйтуш хилар гучудаьллера цуьнан аккаунт яьстича.

Лайна халонаш, сингаттамаш, сатийсамаш тIаьхьабиси. Тахана кхаъ бу Луизин дена а, нанна а, иза могуш-дийна шайн хIусаман тховкIела юхаерзар.

Ткъа йоьIан деца хиллачу къамело а, цо тхан дехарца даийтинчу суьрто а тешаво, Луизина тIехь цхьаммо а ницкъ ца бийнийла а, иза шен лаамехь арабаьккхинчу некъара юхайирзина хилар а, цхьадерг хаамийн гIирсашкахь тIех дестийна дуьйцуш хилар а.

Ткъа дуьйцурш а, олурш а цкъа а, цхьаьнга а совцабелла бац.