Соьлжа-ГIалин мэр хуьйцуш ву

Нохчийчохь конкурс ю дIакхайкхийна шахьаран мэр юха хоржуш. Соьлжа-ГIаларчу конкурсан комиссино хIинцале а билгалваьккхина шахьаран мэран дарж къовсу ши кандидат. Цхьаъ мэран декхарш кхочушде Хучиев Муслим ву, шолгIаниг «Сурсадан» куьйгалхо Асаков Мухьаммад- Хьасан ву.

КарабогIучу баттахь дIахьур ду къовсадаларш аьлла «Кавказан узел» агенталле гордуман векало.

Меттигера тергамчаш тешна бу, мэран даржехь Хучиев Муслим вуьсур хиларх Кадыров Рамзан мехкан куьйгаллехь мел лаьтта.