ДудуркаевгIеран доьзал полицин декъе бигинера

ПIераскандийнахь суьйранна Устрада-ГIаларчу полисхойн декъе кхачийнера Норвеги дехьа яла гIоьртина меттигера яхархо Дудуркаева Луиза шен деца а, ненаца а. «Кавказ.Реалии» портале бина и хаам Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочо.

Цо бахарехь, меттигерчу хенаца суьйранна 4 сахьт даьллачу хенахь дIабаигина уьш.

«Кавказ.Реалиин» корреспонденто телефон йиттира Устрада-ГIаларчу полицин декъе, амма жоп ца делла.