Берлинера гулам: Зуламе ю Кремло чукхоьхьу пропаганда

Your browser doesn’t support HTML5

Европерчу мехкийн мехаллашна зен деш ю Оьрсийчуьра чуйохьу идеологи, цигара хьошалгIа лелачу Iедалхоша а, ФСБ-н агенташа а Германехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а адамийн кхетам талхош бен болх.Оцу Iаткъамна духьало ян еза. Иштта бара протест кхайкхон гулбеллачара шайн барам бирзош тIеэцначу резолюцин чулацам. Митинг вовшахтоьхнера Москох вийначу политикан Немцовн шича Эйдман Игорь.