Бехктакхаман гIуллакх долийна Нохчийчохь, 30 стагана дIовш далар бахьана долуш

ТIаьххьара болчу хаамца, шаурма а, кебаб а йиъна верриг дIовш даьлларг ву 30 стаг. И бохам хилла Соьлж-ГIаларчу кхачанан чоьнехь.

ДIовш даьлла нах охьабехкина бу дарбанан хIусамашка.

Иттаннаш нахана кхачанах дIовш далар бахьана долуш бехктакхаман гIуллакх долийна шаьш аьлла, хаам бина Нохчийчуьрчу прокуратуро.