Нохчийчохь кхоалгIа а мохкбегийна

Шина кIиранчохь кхоалгIа мохкбегийна Нохчийчуьрчу Ноьвр-кIоштахь. Кху беттан 16-чу дийнан сатосучу хенахь дуьххьара бегийна. 19-чохь оццу кIоштарчу Калиновскехь а сатосучу хенахь юха а бегийна хилла мохк.

Сейсмологийн зерашца, Iуьйранна еарийдийнахь кхолгIа мохкбегийна Ноьвра-кIошатрчу Алпатово эвлахь.

Махкарчу орцан министраллан сайта тIехь болчу хаамашца, эшамаш хилла бац я адамашна а, я гIишлошна а.