Наркотикашна дуьхьало латто керла хьаькам хIоттийна Нохчийчохь

Нохчийчохь наркотикашна дуьхьало латточу урхаллан хьаькам хIоттийна пIераскандийнахь Кадыров Хасмохьмад. Инстаграмерчу шен агIон тIехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам.

ХIинццалц республикан урхалхочун гIоьнчан декхарш кхочушдеш вара иза. Цундела цунна дика бевза наркотикашна дуьхьал Iедалша латтабо къийсам, яздо Кадыровс.