Оьрсийчоьнан кеман экипаж хIаллакхилла Шемахь

Оьрсийчоьнан эскарша куп тоьхначу Шемарчу Хмеймим базера СУ-24 тIеман кема гIоттучу хенахь шена некъан аса тIера дIаиккхина. Йоллу экипаж хIаллакхилла, яздо тIеман министралло.

Билгалдаккхарца, катастрофа иккхина шинаридийнахь, кема тIеман тIедиллар кхочушдан гIоттучу заманчохь.