Соьлж-ГIала уггаре цIена гIала ю Оьрсийчохь

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала.

Домофонд агенталло таллам бина бахархоша юкъахь цара шайн гIаланаш цIена хиларан хадош болу мах къастош, хаам бо mr-rf.ru сайто. Оьрсийчуьрчу 100 гIалан бахархоша иза дан дезаш дара 1 тIера 10 кхаччалц терахь а хIоттош.

Гучудаьлларг ду Соьлж-ГIала хьалхарчу меттехь хилар. Нохчийчоьнан коьртачу меттиган бахархоша шайн гIала цIена хиларан мах хадийна 7,7 терахьана.

Уггаре боьха гIала ю, цигарчу бахархошна хетарехь, Дагестанан коьрта меттиг ХIинжа-гIала.