Некъахьовзамехь стаг вийна Ойсхарахь

Маршо Радион архивера сурт.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, бохам хилла Ойсхарахь, «Кавказ» федералан некъа тIехь. «Мерседес-Бенц» машен тIетоьхна, низам а ца лардеш, некъ хадош хиллачу 44 шо долчу некъахочун. Хиллачу чевнех и стаг велла.

КIиранбуса Устрадан гIалахь а хиллера, 3 стаг а лазош, некъахьовзам. Чевнаш хилларш охьабехкина меттигерчу номер цхьаъ йолчу дарбанан хIусаме.

Шина а некъахьовзамехь хилларг къастош бу талламхой