ГIуданаш деттарх а ца йосту шайн яххьаш зударша

Австри Iедало никъабаш лелор дихкинехь а, яххьаш лачкъо некъаш лоьху цигарчу бусулбачу зударша.

Your browser doesn’t support HTML5

ГIуданаш деттарх а ца йосту шайн яххьаш зударша

ГIадужу - бутт болабелчахьана низамца дихкина ду Австрехь юхь-сибат юкъараллехь къайладаккхар. И низам тIеэцар бахьана, массарна а кхеташ долуш, бусалба зударшка никъабаш лелаяйта ца лаар делахь а, амма хьакхало иза иштта муьлхачу а кхечу динах я къомах волчу стагах я зудчух.

Дихкина ду цу низамца, масала, арахь гIорийна хенан хIоттам бацахь шарфаца юхь къовлар я цхьаьна леринчу даздаршкахь дацахь акхарой я дийнатийн костюмашца корта хьулбар.

Тамашийна а дац цундела, хIинцалца схьа Австрехь и низам хьащарна тоьхна долу гIуданаш доккхачу декъехь цхьацца перформансаш ечу исбаьхьалхойх дукхаха хьакхделла хилар, бусалбачу зударехь а совнаха. Ткъа уггаре а кIеззиг и низам никъаб лелочу зударехь хьакхаделла цхьана аттачу бахьнийца – иза тIеэцале йоллучу Австрехь а.

Мел дукха а, 150 бусалба зуда а яцара юхь дIа къовлу никъабаш лелош. Царех а доккхахчу декъо юхь къовлар доьхку низам юккъедаьлчахьна уьш охьаяьхна.

Цхьа масех дIаяккхичахьана. Цу масех зудчух пхеа-ялханна низам тергал а ца деш Австрин шахьарийн урамашка яларна гIуданаш тоьхна хIинцале а. Маршо Радион информацица, ши нохчийн къомах зуда а гIуданаш шайх хьакхаделчарна юккъехь. Вуно къона ши зуда ю и шиъ. Царех цхьаъ, Маршо Радион информацица, ши шо хьалха Шема яха гIортарна кхеле озийна хилла а ю шен хIусамдеца цхьаьна.

Бусалба динехь юхь къовлуш никъабаш лелор зударшна тIедиллина дацахь а, цхьаццаболчу зударша хоржу шайна и духаран кеп, цуьнца цхьаьна даима а массеран а тидамехь уьш латтош болу дахаран кеп. Цара иза шайн лаамца до я шайн чуьрчу божарийн омрица до бохург цхьа кхин хаттар ду.

Мухха делахь а, динца бакъбо цара и шайн харжам. Ткъа муьлхачу хьостанашна тIетовжу уьш шаьш и харжам бечу хенахь? И хаттар Маршо Радионо делира Венерчу доккхачу маьждигехь хьехамаш бечу имаме Мусайга. Цо дуьйцу.

"Бусалба динехь Iелимнеха цу хьокъехь ойла тайп-тайпана ю, ихтилаф олу цунах, церан хьежамаш бен-бен хилча. Доккхачу декъехь СаIудийн Iарбахь лелайо иза, ткъа Шемарчу а, Мисарерчу а, Урдунерчу а Iелимнаха иза ца оьшу боху. Ас и хIума сайна а хаа лууш теллича, суна карийнарг хIун ду аьлча, и никъабаш лело ца оьшу бохучийн тоьшаллаш нуцкъалох карийна суна“, - боху имама.

Европехь цхьа могIа пачхьалкхашкахь хIинцале а дихкина ду юхь къайлайоккху никъабаш лелор. Австри цу могIарера низам тIеэцнарг Францина а, Швецина а, Белгина а, Нидерландашна а тIаьхьа рогIераниг хилла.

Дихкина ду никъаб лелор Германерчу ХIессен латтахь а, Италин цхьайолчу кIоштанашкахь а, Данерчу пачхьалкхан хьукматашкахь а. Ткъа хIун боху бусалба дино ша вехачу мехкан низамаш лардан дезарх? Имам Мусас дийцира цунах лаьцна Маршо Радионе: - "Кхузахь и юхь дIакъевлича ахчанца гIуда тухуш хилча, тIаккха исраф а деш, ца оьшуш шена гIуда тохийтар санна хуьлу-кх иза. Iелимнеха иджмаIа хилла, цхьа барт а болуш и хIума иштта лелон деза аьлла бина сацам а ца хилча.

ХIан-хIа суна иштта хета, иштта лаьа бохучу бахьанца, кхузахь иза лелон мегаш доцийла шена хуъушехь шена гIуда тохийтинчуьнгара исраф динчуьнгара санна жоп доьхур ду аьлла хета суна“.

Iелим наха а, Iедалан урхаллин а никъаб лелоре хьежамаш мухха а белахь а, шайн яххьаш хийрачу нахан гайтар чолхене лоручу зударша керла-керла некъаш лоьху, низамо дихкинарг легалечу кепара дан таро луш болу.

Иштта, масала, могушаллин бахьанаца юхь тIехь лоьрийн тутмIаьжиг ца лелича йиш яц аьлла рецепт дала кийча болу лоьраш лоьху Австрерчу никъабашлелорхоша, меттигерчу лоьрийн цхьаьнакхетаралло хьастагIа журналисташка динчу дIахьедарца.

И низам юккъе даьлча дуьйна схьа шайна тутмIаьжгаш лелон рецепт яздахьара бохуш долу дехарш зударшкара алсам девлла бохуш дийцира цу цхьаьнакхетараллин векало, и санна долу рецепт бахьана доцуш цхьанна а лоьран яздан бакъо ца хилар а хьахош.

Цу юкъана мискъазаратталла бен никъабаш лелориш ца бехачу Австрехь и тайпа низам тIеэцарх кхаьрдаш бу дукха а нах.

Цара аьшнаш до и низам кхочушдан арабевллачу полисхоша хIинцалц схьа гIуданаш тоьхначарна юккъехь цхьа дерчIарин духар доьхнарг а, говр кортойн тутмIаьжгаш йоьхна Венин урамашкахь балканхойн мукъамаш лоькху исбаьхьалхой а, пхьагалан духар доьхна стаг а, ткъа иштта Лего фирмина реклама ярхьама церан тIулгех дина духар доьхна хилла зуда а ю бохуш.