Ленинан дакъа дIадолла деза, боху Кадыровс

Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йина кхаарин дийнахь Оьрсийчоьнан Федерацин Кеташонан гIантдас Матвиенко Валентинас Ленинан дакъа дIадолларх лаьцна референдум ян еза, аьлла динчу дIахьедарна.

Кадыровна хетарехь, коммунизман баьччан дакъа дIадолла деза, иза «кхетаме а, адамалла йолуш а» гIуллакх хиларна. Делахь а цу хьокъехь тIаьххьара тIадам билла безаш верг ву президент Путин Владимир, боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо, хаам бо Кавказ.Реалиино.