2500 гектар латта лелхачу хIуманех цIандина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Маршо Радион архивера сурт.

Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а минанаш дIайохучу тобанаша кхочушйина лелхачу хIуманех латтанаш цIандеш кху шара шайна тоьхна план, яздо Кавказ.Реаллино.

Минанех а, фугасех а цIанйина 2500 гектар территори. Коьртачу декъана уьш ду юьртбахаман хьашташна лелон латтанаш. Болчу хаамца, сапераша, кара а ийна, кхераме йолчура дIаяьккхина 8 эзар сов эккхаза йисина мина а, фугас а.