СагIийна берийн бедарш йоькъуш ю "Хайра" фонд Соьлж-ГIалахь

Нохчийчоь -- СагIийна берийн бедарш йоькъуш ю "Хайра" фонд, Соьлж-ГIала, 04.11.2017.

Лахьан-беттан 4-чу Iуьйранна дуьйна сагIийна берийн бедарш дIасаекъа йолийна "Хайра" фондо. Оьрсийчохь даздечу «Халкъан цхьааллин денна» хьажийна ю и акци.

Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, сагIа гуттар гIаддайначу доьзалшна хьажийна хиллахь а, иза доькъучу метте гулделла ца моьттучу кепара дукха адам.

И акци хир ю аьлла хьалххе хаам бинера республикерчу бахархошка "Хайра" фондо.