Нохчийн Iедало бакъ ца дина Химойхь лаьцна латтош нах хилар

Нохчийчохь маларш мийлина нах чохь латтош бу аьлла, баьржина хаам бакъ ца бина мехкан куьйгалхочун пресс-секретара Каримов Iалвис. «Интерфакс» агенталло бо и хаам шинаридийнахь.

"ТIехьа-Мартанан СемаIашкарчу школан спортан хIусамчохь лецна латтош бахархой бу бохуш, яржийна информаци бух болуш яц, еккъа провокац ю иза", -аьлла, дIахьедина Каримовс.

Иштта цо тIечIагIдина, республикехь, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а санна, дIахьош барамаш бу наркотикан а, психотропан а препаратех пайда оьцурш лоьхуш, лоьцуш.

"Наркотикаш шайгахь хааелларш а, царех бетталурш а полицин декъе кхачош бу, церан дай-наной а юкъа а балош, кхетош-кхиоран белхаш бу дIахьош", - аьлла, дийцина Кадыровн пресс-секретара.

Маршо Радионо яздира, шинарин Iуьйранна Оьрсийчоьнан президентехула адаминй бакъонаш ларъечу Москалькова Татьянас нохчийн омбудсмене Нухажиев Нурдига, хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци мел бакъ ю талла аьлла тIедилларх.

Бахьана дара «Кавказ.Реалии» порталан сайт тIехь бина хаам, кху беттан 17-чохь дуьйна цIера СемаIашкара ТIахIир цIе йолу жимстаг ву къаьркъа молуш хилла аьлла, Шаройн кIошатрчу Химойхь лаьцна латтош.