Эмираташка вахана Кадыров

Кадыров Рамзан.

Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка вахана Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, хаам бо Сhechnyatoday агенталло. Цу мехкан коьртачу гIалан Абу-Дабин аэропортехь иза тIеэцна, лараме гIарол а хIоттош.

Цу махкахь визит дIахьош Кадыров цхьаьнакхета дагахь ву Абу-Дабин хир волчу куьйгалхочуьнца принц Ал Нахайан Бин Заедца а, кхин болчу Эмиратийн Iедалан веаклшца а.

ХIун Iалашонаш эцна вахана Кадыров цу махка цкъачунна билггал дуьйцуш дац.