Кегийрхой арме хьажор дIадирзина Нохчийчохь

Архивера сурт.

Арме кхайкхина кегийрхой эскаре дIахьажор дIадирзина Нохчийчохь, хаам бо "Кавказский узело". Нохчийчоьнан тIеман комиссариато дийцарехь, верриг а гуьйранна арме вигнарг ву 500 стаг.

Царах 400 стага гIуллакх дийр ду Оьрсийчоьнан тIеман министраллан дакъошкахь. Кхин 100 жима стаг хьажийна Къоман гвардин (Росгвардин) могIаршка.

Нохчийчуьрчу комиссариато далочу тIерахьашца, верриг а арме кхойкху хан йолуш ву республикехь 80 сов эзар жима стаг. Уьш берш а арме кхайкхича цара, кхечу регионашкара бахархой ца хьебича а, кхачо йийр яра Оьрсийчоьнан тIеман министраллан оьшучу эскархойн.