Соьлж-ГIалахь къаьркъа дохкар сацийна

Соьлж-ГIалин массо а туьканашкахь духкучара сацийна къаьркъа, ур-атталла федералан йохка-эцаран туьканашкахь а карош дац эца.

Цкъачунна къаьстина дац, маларш дохкар Мухьаммадд Пайхамар винчу Раби-уль-Авваль безачу баттахь сацийна ду я гуттаренна а дIа хир долуш ду, яздо "Кавказан узел" агенталло.

"Лента" супермаркетехь духкуш дац къаьркъа, церан хаамашца. Туьканан белхахошна а хууш дац, бина бехкам меллалц дIа хир болуш бу.