Цхьаьнатоьхначу Штатийн Мерилендерчу университетехь физикан Iилман доктор яьлла Томова Зулейхан. Цуьнан "Серлонан гIоьнца литографин техника тояр" цIе йолу диссертаци къобал йина меттигерчу Iилман кхеташоно.
Соьлжа-гIалахь йина ю Iилманча. Маршо Радион хьостано дийцарехь, Нохчийчохь тIом баьллачул тIаьхьа ГIалгIайчу дIаяхнера иза шен доьзалца. Назранехь гимнази чекхъяьккхинчул тIаьхьа Москохарчу университетан физикан факультетехь дешна Томовас.
2010-чу шарахь иза Цхьаьнатоьхначу Штатийн Мерилендерчу университетан аспирантурехь деша кхайкхина хилла. Цигахь полимерийн бух тIехь электронан гIирсашна керла технологеш кхолларехь талламаш бина цо.
Карарчу хенахь Мерилендан университетан Iилман белхахо ю Томова Зулейхан.