Симферополехь нохчий лецна леринчу операцехь (ВИДЕО)

Бизнесхо а лачкъийна, нуьцкъала ахчанаш дохуш а хилла аьлла, Симферополехь 5 стагах лаьтта тоба лоцуш видео яржийна Интернетехь. Еарийнсуьранна дIаяьхьна цигахь спецопераци чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша а, УФСБ-н оперативникаша а, Росгавардин СОБР-а.

ГIишлошъярехь бизнес лелочу совдегарера 1,5 миллион ахча даккха гIиртина уьш, яздо "Новости Крыма" портало.

Хьалхо зорбанашкахь хаамбира, Батуринан, Русская урамаш къаьстачохь го бина 95 регионера (Нохчийчуьра) машен лаьцна аьлла.