ДаIишхойх Шема мукъа ца яьккхина аьлла Пентагоно

Оьрсийчоьно Шеман дозан тIехь цхьа а "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн дакъош ца дисина бахахь а, Шемахь а, Иракъехь а 3 эзар гергга исламисташ бу хIинца а. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министраллан векало Пэхон Эрика бина и хаам. Оьрсийчоьно кхиамаш ца баьхна оцу регионехь терроризм эшош аьлла, дIахьедар дина Пэхона.

Оьрсийчуьрчу тIеман буьйранчас, Инарла Штабан хьаькамо Герасимов Валерийс кхаарийдийнахь хаамбира, ДаIишхойн массо а тобанаш Шемахь хIаллакйина, йоллу территори мукъаяьккхина царех, аьлла.

Дейр-эз-Зор провинцин масех юьртара Шеман эскаро оьрсийн авиацица жихIадхой арабаьхначул тIаьхьа динера цо и дIахьедар.

Оьрсийчоьнан Iедалша бина хаам бакъ ца бира Conflict Intelligence Team цIе йолчу Шемарчу хьолах мониторинг ечу группан талламчаша.

Иштта эксперташа чIагIдо, масех исламистийн тоба хьалха санна жигара хиларх Шеман провинцешкахь.