Оьрсийчоьнна керла санкцеш тухуш низаман проект къобалйина Трампа

Гена а, улло а кхуьйсу ракеташ (РСМД) хIаллакдан бина барт бохорна Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яха ойла ю Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан Администрацин. Iамеркан Politico агенталло. Вашингтонерчу шайн хьосташна тIе а тевжаш, бахарехь, Трампа къобалйина и тайпа низаман проект.

Бертаца магийна йоцу ракеташ еш гIо лаьцначу оьрсийн компанешна деттар ду дозанаш.

НАТО-хула болчу партнерашна хьалхо Iамерко тоьшаллаш далийнера, Оьрсийчоьно ракеташ хIаллакйийр ю аьлла бина барт бохош хиларан.

Der Spiegel немцойн гIирсан информацица, Iамеркан тIеман министро Мэттис Джеймса зарратан планан Тобан къоьвлинчу кхеташонехь пачхьалкхашна тIедожийнера, бина барт кхочушбан декхаре яр Москох.