«Тхо Путинан гIашсалти ду, кийча ду тхо цо омра динчче гIаш даха», аьлла дIахьедар дина Кадыров Рамзана. Цу кепара комментари йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо пресс-конференцехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, «нохчий бен бац Шемахь гIаш лелалур болуш», аьлла йинчу забарна.
Амма уггаре коьртаниг ду Шемара а, Иракъера а Оьрсийчуьра бераш цIадалош шаьш бина болх президенто Путина хьахор, яздина Кадыровс шен Telegram-чу каналехь