Истанбулехь вийна ПIаьнгазара нохчо Давид Алханишвили

Истанбул.

Истанбулехь вийна 36 шо долу Гуьржийчоьнан вахархо Алханишвили Давид, криминалан гонашкахь Панкисера Дато санна вевзаш волу, хаам бо "Рrimecrime" агенталло. Цунна герз диттина муьлш бу ца хуучу наха, цу гIалахь цхьана ресторанехь.

Агенталло дийцарехь, Алханишвили уьйраш йолуш вара криминарлан гонашкахь. Цхьана версица иза верна куьгбехке хила мега криминалан авторитет волчу Калашов Захарийн (Молодой Шакро) уллера нах.