Москох адамаш дайина некъах тиллачу автобусо

Москох адамаш дайина некъах тиллачу автобусо. ГIура-бутт, 25.2017.

Москох "Славянский бульвар" метрон станцехь лаьттан бухара урамах дехьаволийлана чукхетта автобус. И бахьана долуш вийна 5 стаг, 15 стаг лазийна ву.

"Интерфаксо" бинчу хаамца, автобус, гIашлойн некъа тIе а яьлла, тIекхетта адамашна. Цул тIаьхьа иза чуяхана лаьттан бухара урамах дехьаволийлана.

ТАСС агенталло дийцарехь, иза хилла некъахойн автобус. Цунна урхалла деш хилла стаг лаьцна ву.