Шен хилла хIусамнана ядо гIоьртина стаг чувоьллина Нохчийчохь

Архивера сурт.

Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштарчу кхело колонехь якхха 5 шо ах шо хан кхайкхийна меттигерчу вахархочунна, шен хилла хIусамнана ядо гIоьртарна, хаам бо "Кавказский узело".

Кхело бинчу сацамо гайтарехь, стохка Лахьан-баттахь шен хилла зуда ядо гIоьртина Соьлж-ГIалара вахархо. Зудчо дуьхьало йича, цунна масийттоза тоьхна стага. Мохь хезна лулахой арабевлча ведда хилла тIелатар динарг.