Трамп дуьхьал вац Къилбаседа Корейн лидерца къамеле вала

Къилбаседа Корейн лидерца Ын Ким Ченца телефонехула къамелдан лаам хиларх дIахаийтина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда. "Со даим теша къамело пайдабахьарх", - аьлла Трампа Кэмп-Дэвидан резиденцехь, журналисташа айхьа "Жима ракетчик" аьллачу стагца къамел дан луур дуй хьуна аьлла, шега хаттар дича.

"Къамел дийр дара ас", - аьлла Трампа, амма шен цхьацца билламаш хир бара цхьана а кепара дийцарш доладале хьалха аьлла.

И дIахьедар дина Iамеркан президенто, Къилба а, Къилбаседа а Корейца Пхеньянехь Iаьнан спортан ловзаршкахь дакъалацарх официалехь дийцаредан барт хиллачул тIаьхьа.

Шоьтадийнахь Корейн векало хаамбина, шайн спортхоша Олимпиадехь дакъалаца мега аьлла.

Оцу хьокъехь Трампа дIахоуьйту, Олимпиадех дийцарал а совнах, гIуллакх кхи а дIадаха шена лаарх. "Аьтто ма белли, шаьш дийцаршкахь дакъалоцур ду" - аьлла Iамеркан президенто.

ООН-н резолюци а йохош, Пхеньяно хIоразза а шен баллистикан ракеташ а, зарратан герз а зен долича, Iамерко а, Къилбаседа Корейно а вовшашна кхерамаш туьйсуш, дешнашца кхийсарш йо дуьх-дуьхьал.