Соьлж-ГIалан керла къеда хIоттийна Ильясов Адам

Ильясов Адам.

Нохчийчоьнан муфтиято керла къеда билгалваьккхина Соьлж-ГIалана. Иза ву Ильясов Адам. Цуьнгахь хир ду республикан муфтийн когаметтан дарж а.

Ильясов вовзуьйтуш, муфтийс Межиева Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира цу стага баккхийн кхиамаш баьхна хилар, республика синан-оьздангаллехь кхиорехь.