Лаьмнашкахь хьаьтт хила кхерам бу аьлла Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу лаьмнашкахь хьаьтт чухахкаяла кхерам бу кхаарийн суьйре тIекхаччалц аьлла, хаамбина мехкан орцан министралло.

"Лаьмншака ца оьхуш, чу-арабовларца а ларлуш хила беза бахархой. Кхераме хьал хаалахь, само еш шайга хаамбар тIедожадо оха", - аьлла, бахархошка социалан машанашкахула информаци кхачийна министралло.

Республикехь тIеда ло догIур ду аьлла бу Гидрометцентран хаамаш, цундела автотрассаш тIехь а, лаьмнашка доьлхучу некъаш тIехь а мобилан посташ ю дIахIиттийна, шайлахь цIеяйархой а, орцанхой а болуш, хаамбо Нохчийчоьнан орцан министраллан урхалло.