Казахстанехь яьгначу автобусчохь велла 52 стаг

Казахстанан Актюбинскан кIоштахь "Икарус" автобус яьгна чохь нах а болуш. 52 стаг ву верриг а велларг. "Интерфакс" агенталле и хаамбина сихаллин орца кхачочу Комитетан официалан векало Иманкулов Руслана.

Йогучу машенчуьра 5 стеган каяьлла дийна аравала. Медицинан гIо кхачийна царна.

Nur.kz хаамийн гIирсо бахарехь, Узбекистанан бахархой бу боллу пассажираш.

Йоьдуш лаьтташехь серий вовшахкхетта кхерстина автобус чохь цIе. Цул совнах, автобус тIех сов йоьттина а хилла, дуьйцу.

Бохам хиллачу меттигехь болх беш бу полисхой, орцанхой, лоьраш, психологаш.