Каримовс жоп делла Собчакна

Бакъонашларъярхо Титиев Аюб маьршаваккхар тIедожош, Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидато, журналисто Собчак Ксенияс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане яздинчу кехатна жоп делла мехкан урхалхочун пресс-секретара Каримов Iалвис. "Нохчийчоь тахана" агенталло бина и хааам.

"Компетенте органаш ю "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакх луьстуш, талламчийн процесса юкъа ца гIерта мехкан куьйгалхо", - аьлла пресс-секретара.

Харжамийн шен кампанина тIе терго озорхьама дина Собчака и дIахьедар, Титиевна сагатдеш ца хьийза аьлла, тIе а тухуш.