Ненан маттахь диктант язйийр ю Нохчийчохь

Нохчийн меттан де даздеш. Архивера сурт.

Ненан маттахь диктант язйийр ю Нохчийчохь Нохчийн меттан де даздеш Охан-беттан 25-чу дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина республикерчу дешаран министраллан зорбанан сервисо, яздо Кавказ.Реалиино. Цо билгалдаккхарехь, цуьнца цхьаьна цу министраллан сайт ерриг а кхочуш йина ю оьрсийн маттахь.

Нохчийчуьрчу школашкахь дешаран, Iилман министралло дIакхайкхийна этнографин диктант хилира хIара бутт болалуш. Махкарчу кеп-кепарчу бахархойн этнокултуран, историн хаарш лакхадахархьама юкъаяьккхина ю аьлла, яздо министраллан сайта тIехь и республикан акци. Дакъалаца аьтто бара оцу акцехь муьлххачу а Оьрсийчоьнан 14 шо кхаьчначу вахархочун.

Нохчийчоьнан исторех, географех, этнографех лаьттачу 100 хаттарна жоп дала дезара диктанте баьхкиначеран. Жоьпаш дала елла хан 2 сахьт дара.