136 сов миллион соьмана стаг Iехийна Москох

Гайтаман сурт.

Москох Iехийна соьмаш еврох хийца веана меттигера вахархо. Полицин векалша дийцарехь, цу стага ахча хуьйцучу пунктехь курхалчашка дIаделла 136 миллион 600 эзар сом. Цу ахчанна дуьхьа цунна делла 4 эзар евро а, 1 миллион 996 эзар еврох тардина кехаташ а.

Цу кепара цу стагана зен дина 138 миллион 322 эзар соьмана. Хилларг толлуш бу талламхой.