Кадыров харц дерг дийцарна бехке вина Собчака

Собчак Ксения.

Журналисто Собчак Ксенияс бехке вина Кадыров Рамзан, харц дерг дийцарна а, сий а, пусар а доцуш къамелаш дарна а.

«Рамзан Ахматович, ахь боху, цкъа а мегар дац лоруш волчу стеган сий дайъа, ткъа цхьа минот а ялале, со дIасаедда лелаш ю боху ахь, майра лоьхуш. Нохчийчохь иштта гIиллакх ду, шена баш евзаш а йоцучу зудчух лаьцна ишттаниг дуьйцар? Я ахь сийх а, ларамах а лаьцна деш долу дIахьедарш дохадо, хьайна бекхам хир бац аьлла хьой хеташ хиларна?» - яздина Собчака шен Instagram-хь.

Цу кепара реакци йина журналисто Нохчийчоьнан куьйгалхочо Daily Storm зорабанан гIирсана еллачу интервьюхь шех лаьцна дийцинчунна.

Цуьнца цхьана президентан харжамашкахь дакъалоцуш йолу Собчак кийча ю Кадыровца цхьаьнакхета, нагахь цо аьтто бийр белахь бакъонашларъярхо Титиев Оюб набахтера дIахецийта.

Собчака дийцарехь, цуьнан Iалашо ю Оьрсийчоьнан Федерацин низамаш массерна а цхьатерра лелаш хилийтар, шайна юкъахь Нохчийчуьра бахархой а болуш.