Австрерчу радиокомпанеша нохчашна депортаци цаяр доьху

Шинарийндийнахь йоллучу Австрехь иттанаша мукъамийн радиокампанеша дакъалецира нохчийн мухIажаршна депортаци ярна дуьхьало яран акцехь. "Депортацина дуьхьал медиа флешмоб" цIе йолчу акцехь Дечкен-беттан 30-чохь Iуьйранна 10 сахьт даьлча дуьйна делкъал тIаьхьа 3 сахьт даллалц лекхийтира "Битлз" тоба кхоьллиначу Леннон Джона язйин „Imagine“ йиш.

Машаре а, адамашна юккъехь солидаралле а кхойкхуш йолу и девзаш долу илли локхуьйтуш акци юккъеяьккхинарш бара меттигера адамийн бакъонашларъярхой а, юкъараллин жигархой а. Царна юккъехь Крайниг Улрике а яра.

Маршо Радиос хьалхо дийцина ма-хиллара, цу зудчо шена пачхьалкхо делла хилла сийдолу совгIат юхаделира Iедална кху деношкахь, ша Iуналла деш болу ЯсаковгIеран доьзал Австрера арабаккхарна дуьхьал протест еш.

БIеннаша жигархоша флешмобехь дакъалацарна массера а лаам 3 сахьт далале кхочушбан ца кхиина Австрера радиош. Цундела цара и акци шинарийн сарахь а дIахьур ю, мухIажаршца солидаралла гойтучу бахархойн йиш лакхарх дехарш кхачадаллалц.