Алсам зуламаш дарехь шолгIачу меттиегхь ю Нохчийчоь

Оьрсийчохь дахначу шарахь 900 стаг билгалвьаккхина терроризмца доьзна зуламаш дина аьлла, яздо "Интерфакс" агенталло Инарла прокуратуран хаамех пайда а эцна. Прокуратуран статистикаца дийнна шерачохь пачхьалкхан территори тIехь 1871 терроран кепехь зулам дина, лаьцна 873 стаг.

Иштта оцу хьукмато стохка 1521 эктремистийн зулам дина хиларх а бо хаам, лаьцна оцу декъехь 972 стаг.

Уггар алсам зуламаш дина Дагестанехь, шолгIачу меттигехь ю Нохчийчоь.