Хьарамлонаш лелорна набахте хьажош ву даржхо

Нохчийчуьрчу Федералан казначействон урхаллехь болх бинчу Дудаев Анзорна таIзар дина 95 миллион сов сом лачкъорна. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан сайтехь бу и хаам.

"Талламчаша гулдина тоьшаллаш кхачаме ду Дудаев Анзорна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх делла. Иза бехке ву, "Ростехнадзоран" шина белхахочуьнца юкъахь даккхий ахчанаш лечкъош, хьарамлонаш лелорна, шен белхан даржех пайда а оьцуш", - аьлла ду хаам тIехь.

Низамца а догIуш, Дудаевна кхачадо динчу зуламна набахтехь даккха 6 шо хан а, шина шарахь а 6 баттахь а пачхьалкхан хьукматашкахь болх бар а доьхкуш.

Дудаевца хиллачу шина декъахочун гIуллакхаш хьалхо листина, царна хенаш а кхайкхош набахтехь яккха.