Балхара дIабаьхна "Кавказ сегодня" порталан иттаннаш белхахой

"Кавказ сегодня" порталан логотип.

"Кавказ сегодня" зорабанан гIирсан белхахойн терахь хаъал лахдина Чиллан-бутт болалуш, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Иза проект ю Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу федералан гонан векалаллин.

Болчу хаамца, балхара дIаваьккхина 40 стаг. Регионашкахь витина 4 корреспондент. Кавказ.Реалиин хьастано бинчу хаамца, инвесторша сацам бина и проект эвсара яц аьлла. И бахьана долуш ахча далар сацийна цара.

"Кавказ сегодня" олу хаамийн а, аналитикан а портал кхоьллинера, иза Къилбаседа Кавказехь уггаре а боккха хаамийн зорбанан гIирс хир бу аьлла. Цунна ахча мичара луш ду официалан кепара дуьйцуш дацара, амма лоруш дара иза дийраш Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказан федералан гонан Iедалхой бу аьлла.